ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан экономика толамехь гойту Dow Jones индексо


Цхьанатоьхначу Штаташкара 30-ттех тоьлла компани декъахь йолу фондийн индекс Dow Jones цкъа а ца хиллачу барамехь лакхаяьлла кху деношкахь. Иштта лакхаевлла 500 сов компанин акцешца йоьзна йолу Standard & Poor's индекс а. Экономикера хьал гойтуш йолу и ши индекс лакхаялар дозу Iамеркахь рицкъ а, гIирс а кхиоран болар тIаьххьарчу эха шарахь лаккхарчу тIегIане кхачарца. Оццул дика эвсаралла Штатийн экономико яьккхина яцара кху тIаьххьарчу 11 шарахь.

Машенийн ягориг механа яйлучу кху муьрехь совъялла Iамеркахойн йохк-эцарарера оптимизм а. Эксперташна хетарехь, тIедогIучу шарахь кхин а лакхаяла там бу Iамеркахойн хьал-бахамалла зуьйш йолу Dow Jones индекс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG