ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кема чудаийтина Шемарчу исламисташа


Исламан Пачхьалкх шайх олучу Малхбалерчу тIеман тобанаша кема чудожийна Шемин стигалара. Гарехь иза Iамеркан Штатийн ду, хаам баржийна тергамчаша. Шемин къилбаседанан шахьар ларалучу Ракка гIалина гергахь чудеъна кема. Ткъа иза лелош хилла Iаьрби исламистийн каравахана, чIагIдо Ингалсехь куп тоьхначу тергамчаша-шемахоша. Ткъа кхечу хьостано билгалдоккху кемалелорхо Урдунера хилар. Кхо бутт бу Iамеркахошца а, цуьнан коалицица а цхьаьна Iаьрбийн массех мохк Исламан Пачхьалкхаца тIемаш беш болу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG