Маршо Радион Бакохарчу декъе прокуратуран, кхелан векалш а, полици а яхна пIераскан Iуьйранна, белхахой чуьра арабовла а беза, радио-болх сацон а беза, аьлла.
Маршо Радио дозанал арахьарчу ахчано кхобу агент ю аьлла гIаттийначу девнан тIаьхьало ю Азербайджанан Iедал арадалар. Дерриг а де, радиожурналисташ белхан меттигех а къастийна, церан белхан техника толлуш, даьккхира баьхкинчара. ТIаьххьара а, радион цIа дIа а къевлина, иза деллар а дихкина, дIабахана.
Азербайджанехь тIаьххьарчех юьсуш ю йозуш йоцу хаамийн хьоста – Маршо Радио, иза дIакъовла гIерта диктатурехьа дирзина Алиев ИльхIаман Iедал, аьлла хета Маршо Радион азербайджанхойн маттахь болх бечу декъан куьйгалхочунна Алиев Кенанна.