ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанера нах ца байар доьху Пан Ки Муна


Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Инарла секретара Пан Ки Муна Пакистанан Iедале дехна шайн махкахь ша байъа кхачийна нах ца байар а, стаг верна тоьхна лаьттина мораторий меттахIоттор а. ПIераскандийнахь телефонехула и къамел дина Инарла секретара Пакистанан премьер-министрца Шариф Навазца.

Шарифа жоп делла, низам дуьззина лардийр ду Пакистанан Iедало аьлла, амма ца делла дош нах ца байа. Пешаварехь итт де хьалха 151 школера дешархо а, хьехархо а веро кхачийна Пакистан стаг верна тоьхна хилла мораторий юхаяккхаре. 500 зуламхо вен кхачийна кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG