ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна хан кхайкхо кийча ю Москох кхел


Ив-Роше компанин ахча лачкъорна оппозицин политикана Навальный Алексейна а, цуьнан вешина Олегана а Шинарин дийнахь кхел кхайкхо сацам бина Москохарчу Замоскворецкий кIоштIан суьдо. Хьалха иза дан дагахь бара суьдхой Дечкен-беттан 15-чу дийнахь. Суьдо хан хийцар доьзна ду сацам хIинцале а кийча хиларца.

Вежаршна НавальныйгIарна бехке дуьллуш ду Ив-Роше компанин 30 миллион сом ахча лачкъор. Прокуроро дехна Навальный Алексейна -10, цуьнан вешина Олегана 8 шо хан тохар. Навальныйна гIортор ян дагахь нах бу Манежная майданахь акци дIаяхьа кечлуш. Навальный Алексей Оьрсийчоьнан хир волу президент ву аьлла хета дуккха а нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG