ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин хаттар дуьйцур ду астанахь


Украинера конфликт йийцаре ян Казахстанан коьртачу гIалахь Астанахь цхьаьнакхета дагахь бу Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а лидерш. Цунах лаьцна Киевехь хиллачу зорбанан конференцехь хаам бина Украинин куьйгалхочо Порошенко Петрос. Порошенкос дийцарехь, Киев дагахь яц кху шеран ГIадучужу-баттахь Минскехь бина барт хийца.

Зорбанан конференци дIайолалуш Порошенко Петрос тIе куьгтаIийра Украина цхьана а блокана юкъахь йоцустатус хуьйцуш долчу низаманна. Цо дийцарехь, 2010-чу шарахь и низам тIеэцар «стартегин гIалат дара», и бахьана долуш хIаллак йира Украинин арми. Президенто бинчу хаамца, Украина кийча хир ю НАТО-на юкъаяхарх йолчу референдумана пхи-ялх шо даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG