ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шпионийн гIирс бохкарна гIуда тоьхна суьдо Соьлж-ГIаларчу вахархочунна


Шпионийн гIирс боьхкина аьлла гIуда тоьхна суьдо Соьлж-ГIаларчу вахархочунна. Цу стеган цIе ю Янурсаев Iийса. Цунна бехке диллинарг ду, бакъо а йоцуш, леррина къайлах хаамаш гулбан хьажийна болу гIирс лелор а, бохкар а. Талламхоша дийцарехь, Товбеца-баттахь 25-чу дийнахь цо 2 800 соьмах шен кертахь видекамера йоьхкина хилла горгали бекон сохьтах тарйина йолу.

Янурсаевн цу тайпа гIирс бохка бакъо ца хилла. Ткъа и тайпа Малхбузерчу пачхьалкхашкахь маьрша юхкуш йолу видеокамераш хилар дихкина ду Оьрсийчохь. Суьдо бинчу сацамца Янурсаевна гIуда тоьхна 50 эзар сом барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG