ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а кхелехь эшна Кадыровн адвокат лаьттинарг


Москох кхело талла юхьара ца оьцуш, дитина Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан адвокат лаьттинчу Красненков Андрейс шен хьаькама сий цIандо ша аьлла, «Коммерсант» газетна духьал дина арз.

Газето 2011-чу шарахь Кадыровн сий бехдина, цо Эстемирова Наталья ейтина аьллачу бакъоларъярхойн «Мемориал» юкъараллан лидеран Орлов Олеган дов талларх лаьцна дуьйцучу артиклехь, чIагIдо Красненковс.

Орлов Олег бехказа ваьккхира кхело оццу мурехь. ХIинца Кадыровн адвокат Iийначу Красненковн дехар кхочуш ца деш юьсург ю шолгIа кхел ю. Хьалхо Москох Тверан кхело а листира цуьнан арз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG