ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина цхьаъ дуьйцу, Нохчийчохь кхин лела


Нохчийчоь -- Шен пресс-конференцехь герз кхуссу ишар еш ву Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала,26ГIу2014
Нохчийчоь -- Шен пресс-конференцехь герз кхуссу ишар еш ву Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала,26ГIу2014

Нохчийчохь масситта шо ду Кадыров Рамзана кх-пхиъ гIаттамхо бен висина а вац олу. Амма шерашка девллачу тIематасадаларшкахь леш лаьтта мостагIаллин шина а маьIIера нохчий. Деношкахь ши гIаттамхо вийначул тIаьхьа Невран кIоштахь юха а дIалехьош бу кегийрхой.

ГIаттамхоша тIелатар дар бахьанехь, шина агIор дараш а хуьлуш, яккхий гIишлош а йогуш, Соьлж-ГIалахь тIематасадалар хилчахьана, ткъеха гергга тIемалойн гергарчийн цIенош дохийна Нохчийчохь.

Шайн доьзалхоша лелочунна уьш жоьпалле хилар официало дIакхайкхийна хаамийн гIирсашкахула а. Царех масийтта цIа дохош, охьааьтта, Путин Владимира маьршачу нехан хIусамаш йохор низамаца догIуш дац аьлла, журналисто деллачу хаттарна жоп луш, дуьненна а хезаш, дIахьединачул тIаьхьа.

Оьрсийчоьнан низамаца и догIуш цахилар кхетадахь, цхьаболчу бахархоша къобалдо цу кепара тIемалойн гергарчарна тIеIаткъам бар. Уьш дукха бацахь а и санначарна хетарехь, герзаца дуьхьало йийраш, хIуъу а дина совцо, лартIа бало, махкахь, дуьйлуш герзаш а доцуш, синтема дахар чIагIдан гIерта Iедалехь берш. Ишта хьажам болчех ву Соьлжа гIалин кIоштера Хьалим а.

Хьалим: «Хьал лартIа догIур дацара те, гIуллакх доцург а ца лелош IадIийр бацара те бохуш, уьш совцо гIерташ дохош ду-кх и цIенош Iедало. Законаца догIуш дацахь а хIуъу а дина машар хилийта гIерта-кх Iедал. Адамашна новкъарло а ца еш уьш, тIемалой, совцо гIерта-кх».

Соьлжа гIалахь шина а агIор ткъе итт гергга стаг а вуьйш, герзаш дийличхьана, ладегIамехь бехаш бу мохк: нислуш лаьтта вер-ваккхарш, кхачалуш дац кегийрхой лецар а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло гIардаьккхина мА-хиллара, кху керлачу шеран хьалхарчу дийнахь Новр кIоштан Мекенски эвлахь а вийна, дийна караваха ца лууш, герзаца дуьхьало йина ши тIемало - Завгаев Муса а, Омаров Башир а.

Низамхойн буьйранчаша дийцарехь, хьалхарниг Теркйист а, Новр а кIошташкахь тIемалойн баьчча ларалуш хилла. Iедалан хьостано билгалдаккхарца, вийначу шиннан герггара зIе хилла чекхбаьллачу ГIура-беттан 4-чу дийнахь гIалина тIелеттачу тIемалошца. Карарчу хенахь ницкъаллин структураша лохуш бу Завгаевс а, Омаровс а тIекаренаш лелийна, уьш тIелистина, царна гIо дина церан накъостий.

Цхьаболучара цуьнца дузу къармазалла гойтуш веллачу Завгаев Мусан а, Омаров Баширан а, цигга Новр кIоштера, Рубежни юьртара кегийрхой лецна дIабигар. МогIарерчу юьртахоша даре дарца Мекенски эвлахь и меттиг нисьеллачул тIаьхьа лаьцна дIавигнарг лаххаре а пхиъ ву: Умаров Леча а, Азимов Iабдул а, АлиевгIеран ши ваша а, Керимов Казбек а. Уьш стенна бигна, царна бехке дуьллург хIун ду, цаьргара хIун даьлла гергарчарна хууш дац. Ур-аттал къайле ю кегийрхой лецнарш хIун структураш ю бохург а, уьш мича бигна а.

Наха дийцарехь, кетIа а богIуш, тIаьхьий-хьалхий уьш дIабигнарш, тIеман барзакъ дуьйхина а ца хилла. Цхьацца хIума къаста а дина, схьабохкуьйтур бу бохуш дIабигна бу Рубежни эвлан бахархой. Массеран а садуург а, ладегIам дебориг а и ду – мила, мичара ву а ца хоуьйтуш, Iедалан векалщ бу бохучара беш болу тIеIаткъам.

Цкъачунна билгалдаьлла цхьа хIума ду, лаьцна дIабигначу кегийрхой ши-кхоъ, Пригородни олучу, Соьлжа гIалин кIоштан Шина суьйла корта эвлахь бусалбан дин Iамо доьшийла чекхъяьккхина ву. Цхьаболчеран дегайовхо ю, цу декъехь зераш а дина, шайн юьртахой маьрша бохур бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG