ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталин «ваьржаш ву» ХIирийчохь


Сталин "варжарх" лаьцна Кистовский Олега язбина сурт-кхардам.
Сталин "варжарх" лаьцна Кистовский Олега язбина сурт-кхардам.

Кавказехь барт бохош лаьтта цигарчу цхьаццаболчу хьаькамаша массо а къаьмнаша шеца мостагIалла лелийна инарлашна, цхьана заманахь баьхначу хьаькамашна хIолламаш хIитторца. Кавказ къаръярна вазвечу Ермоловна хьалхо Ставрополехь, Краснодарехь санна, Сталин Иосифна хIолламаш хIиттош бу тахана хIирий.

Вайнахалахь «дажал» аьлла цIа яхана ву, дохийна къаьмнаш махках дахарал сов, тоьллачех тоьлла эзарнаш кхоллараллин а,Iеламан а нах, Iилманчаш, сий-лараме къаной Iожалле кхачийна Сталин Иосиф.

Цуьнан васт карладоккхуш, буьст-хIолламаш бан болийна ХIирийн мехкан буру гIалин пхьалгIахь. И вазвар, керлачу сийлалин гоне дерзо Iалашо лаьцча санна, и болх юьхьарлаьцнарг ву, дийцарехь, скулптор Дзбоев Михаил. ТIедоьхна генераллейсимус барзакъ а долуш цуьнан чурт -хIоллам дIахIоттийна ХIирийн массо а гIаланашкахь хьовх а,цхьайолчу ярташкахь.

Мазалк гIалин Толаман паркехь, масала, цуьнан буьст дIахIоттийна, тIемашкахь майраллин, доьналлин хьуьнарш гайтинчу хIирийн инарлашна коьрте. Ишта цуьнан хIолламаша хазйина Бесланан, Алагиран, Ардонан гIаланийн майданаш а, Сталинан дуькъа мекхаш долу сурт кхачийна цхьа могIа ярташка а. Кхиамца а, кхиамза а цуьнан буьст яржоран болам Оьрсийчоь мел ю а, кхечу пачхьалкхашка а, некъаш а карийна, шорбан гIертачух тера ду цхьаьнатохархой.

Бакъду, цхьаццайолчу меттигашкахь-Гуьржийчоьнан Телави гIалара пхи де хан а елла Сталина хIоллам дIабаккхийтина, Украинан Запорожье гIалахь иза эккхийтина. Хаамийн гIирсаша чIагIдарца Волгоград гIалахь, гола а вахна, дохковаларан кепехь шатайпа хIоттийна Сталинна хIоллам.

Нохч-гIалгIайн, гIезалойн, гIалмакхойн,балкхаройн… къаьмнашна, адаман хьекъало схьа ца лаццал, инзаречу барамашкахь бале ваьллачу Сталинан васт юха а карладаккха, даздан гIертар, кхета ца ло цхьаболчу кегийчу къаьмнийн векалшка. И халонга стенна долу цхьаболчарна? Цу хаттарна жоп каро гIерташ ву ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь вехаш волу яздархо, нохчийн меттан говзанча Хатаев Хьусайн.

Хатаев: « Исторехь вайна мА-хаъара, коммустийн гуламехь кхайкхийна ду Сталин зулам а даржийна, иза къизалла гайтина Iабазхо а ву аьлла. Вай ца боху цо дика ца дина. Вай и ца дуьйцу. Ша куьйгалхо хиларе терра цуо пачхьалкхан дола дина-кх. Оьрсашна шортта латтанаш а нисдина. И деш лаьтташехь цо дукха адам хIаллакдайтина. Боьдуш тIом а болуш, Сибрех хьовсийна Нохч-ГIалгIайн, I944-чу шарахь.

ХIинца ХIирийн махкахь говзанча скулптархо ваьлла-кх цуьнан буьсташ еш. Тахана кхайкхош ду цуьнан хIоллам-буьстанаш оццу гIала кхачийна, хIуьнехдинччу махкахь хIиттийна бохуш… Суна цкъа а цкъа,нохчийн къаношкара я Iилманчашкара хезна дац, я цхьанхьа а дешна а дац, Сталин вохийначу хенахь а, Хрушев коьртехь а волуш, Советан Iедало иза сийсазвечу хенахь а, хIирийн меттах а бевлла, цуьнан цIе йожа ца яйта хIираша цхьа гIулч яьккхина аьлла.

ХIинца муха нисло, Сталина ницкъ бина къаьмнаш дардан санна, леош хIумнаш ду-кх. Цуо дукха къизалла ма –гайтина. Цо дан а ца деш хIума дитна а мА дац. Тоьлла яздархой, кхиберш цаьргара хIун даьллера? Мел бу уьш хIаллакбинарш… ХIирашкахь хила мА безара и кхетам- и нах Iовжийна цу Сталина аьлла.»

Маршо Радио: Хьажахь ,Хьусайн, хIирийн а, нохчийн а, кхиберш а мел бертахь Iаш бу. Царна юкъа сим туьйсуш,хьал кIамдеш санна а ца нисло иза? ТIаккха бала кхача ца безара Iедалан?

Хатаев: «Га-м дезара Iедална и лартIа доций. Iедало ишта нахана новкъа догIу долу хIума ган а гуш, Iедалан цIарх цхьаъ вист хила мА везара, хIара нийса дац аьлла. Сталин везий шуна шайн кертахь хIиттабе цуьнан хIолламаш ала дезара…деза-м.»

Маршо Радио: Кхуза Мазалкехь ткъа шарахь а сов вехачу Салавдис боху, шуна дажал хиллехь а, шуьга дакъа дахьийтинехь а, тхуна-м эвлаяъ ву хIара бохуш санна лелош хIума хета шена цунна буьсташ хIиттор.

Хатаев: «ТIаккха ишта дан а ду иза-м. Иза виц ца валийта, цуьнан цIе цIаньян,иза юха а карлаваккха дагахь лелош санна хIума ду-кх цара юьхьарлаьцнарг. ЛартIа болам бац иза. Кхечу къаьмнаша а ца боху иза гома ду, раз ду. Деллахь вон бух а, вон лард –ам буи за»

Сталинан бюсташ яржоран хьокъехь къамел динчу Хатаев Хьусайнас дийцарехь, Мазалк кIоштера вайнехан диаспора (ткъа нохчий цигахь кхо эзар ву) дагахь ю шайн сагатдийриг ХIирийн мехкан куьйгалхошка дIакхачо а, цу хьокъехь цаьрга къастам боллуш жоп деха а.

XS
SM
MD
LG