ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Истамбулерчу полицехь иккхинарг нохчо ю


Туркойчохь, Истамбулерчу полицин декъехь, ши Iедалхо а лазош, зуда иккхинера шинарийдийнахь. Ткъа хIинца Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам баржийна, иккхинарг нохчо Рамазова Диана ю аьлла.

Зулам далле йолчу миноташкахь ша полицин декъе ялийначу таксин деца цо оьрсийн мотт буьйцура, боху полицино. Рейтеро хаам барехь, ша-шен а юьйш зудчо эккхийтинарг хилла граната.

Кхаарийдийнахь зулам шена тIеэцнера Туркойчуьрчу «Халкъан Революцин мохк мукъабаккхархой» цIе йолчу тобано. Иккхина Рамазова Оьрсийчоьнан яхархо ю, ВВС-радионо бечу хаамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG