Москох куп тоьхначу Эхо Москвы радион редактора Венедиктов Алексейс низамхошка арздина, шена интернетехула кхерамаш туьйсуш кхайкхамаш баржийна Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана, аьлла. Инстаграммехь Кадыровс пIераскандийнахь яздинера: «Венедиктовс исламна дуьхьал болхбойту Эхо Москвы радиога, нагахь санна иза низамхоша ца сацавахь, сацо нах бевр бу».
Венедиктовс дIахьедина, ша баккъал а шена кхераме лору Кадыровс дуьйцург, аьлла. Парижехь сатирикан журналера белхахой ПайхIамарна карикатураш ехкина аьлла байина, кхечу журналаша а яржо догIий и карикатураш, бохуш дара Кадыровна товш доцу, Эхо Москвы радионо нахе дина хилла хаттар.