ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерполо лоьхуш ву Янукович


Официалан кепара дуьненаюкъарчу лехамашка велла Украинин хилла волу президент Янукович Виктор. Цуьнан сурт юкъатоьхна Интерполан базина аьлла хаам бина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена. Цо дийцарехь, Януковичца цхьаьна Интерполо лоьхуш бу цуьнан Iедалехь хилла нах.

Царан юкъахь ву премьер-министр хилла Азаров Николай а, Януковичан къант Янукович Виктор а, Кхерамазаллин кхеташонан секретар хилла Богатырева Раиса а, финансийн министр хилла Колобов Юрий а, ткъа иштта Укртелекоман куьйгалхо хилла Дзекон георгий а.

Интерполан официалан сайто цкъачунна цу нехан цIераш гойтуш яц. Хьалхо хаамаш баьржинера Интерпол реза яц Янукович а, цуьнан накъостий а лаха, царна дуьхьал долу гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG