ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша адамаш дайина Донецкехь


Украинехь Волноваха гIалахь йоккхачу тоьпан хIоъа кхетта автобусна. И бахьана долуш вийна 10 стаг, 13 лазийна ву. Донецк областан милицин куьйгалхочо Аброськин Вячеслава дийцарехь, йоккха топ тоьхнарш бу «Донецкан халкъан республика» олучу тобанан декъашхой. Церан Iалашо хилла Украинин эскархойн блок-пост.

Хьалхо сепаратисташа танканийн яккхийн тоьпаш а, Град а тоьхнера Донецкан аэропортехь болчу Украинин эскархошна. Шайн агIор сепаратистин векалша латкъамаш бо Украинин эскархоша масийттоза тохарш дина шайна бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG