ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн тобанаш тIелеташ ю Донецкан аэропортана


ПIераскан дийнахь сепаратистийн ницкъаша керла тIелатар долийна Украинерчу Донецкан аэропортана. Цунах лаьцна хаам бина сепаратистийн векалша. Еарин дийнахь хаамаш баьржийнера Украинин армина дуьхьал лаьттачу тобанаша дIалаьцна Донецкера аэропорт аьлла. Киево и хаам харц бира.

Донецкан аэропортана гонахара хьал ирделла даханчу КIирандийнахь дуьйна. Украинин Iедалан векалша дийцарехь, Донецкан халкъан республика олучу тобанан ницкъаша яккхийн тоьпаш йиттина аэропорте. Кхаарин сарахь сепаратистийн векло Пушилин Дениса хаам бира, Украинин тIемалоша аэропортера дIабуьгуш бу шайн эскархой аьлла. Иза бакъ ца дира Киево.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG