ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийн паччахь кхелхина


90 шо кхаьчна хилла СаIуда Iаьрбийн мехкан паччахь Iабдулла велла пIераскан буса. И хаам баржийна Эр-Риядо. Массех кIира дара иза пехийн цамгаро лаьцна дарбан цIийнехь волу. ДIавуллуш ву Iабдулла Эр-Риядехь. Цуьнан меттиг кхаьчна цуьнан вешега Салмане. Уггаре дукха мехкдаьтта доккху мохк бу СаIуда Iаьрбийчоь. Цигарчу Макка , Мединехь ю бусулбанийн коьрта мехаллаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG