ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмера гIезалойн лидер Чийгоз льцна Iедалша


Симферополерчу суьдо Чиллан-беттан 19 де тIекхаччалц алла чувоьллина ГIирмерчу гIезалойн къоман Меджлисан лидерех цхьаъ волу Чийгоз Ахтем. Еарин дийнахь иза дIалаьцнера къепедацаршкахь дакъалаьцна аьлла бехке а вина. Оьрсийчоьно дIалаьцна йолчу ГIирман прокурор ю бохучу Поклонская Наталияс суьдан кхеташонехь дIахьедар дина, Чийгозна бехке дуьллуш ду 10 шо хан тоха догIу «дуккха а наха дакъа а лоцуш къепедацарш вовшахтохар» аьлла.

Талламхоша чIагIдарехь, 2014-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь ГIирман Лаккхарчу Кхеташонна хьалха ГIирмерчу гIезалоша дуьхьалонан акци дIахьош, тасадалар а хилла ши стаг вийна. Талламхоша дуьйцу манифестанташа «Русское единство» олучу боламан жигархошна ницкъ бина бохуш. Чийгозан накъосташа чIагIдарехь, иза дIалацар политикан бух болуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG