КIирандийнахь Соьлж-ГIалахь герз диттина гIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан машенна тIе. ТIехйолучу «Приорачуьра» кор охьадахийтахьара аьлла дехча, цо и кхочушдича, тапча йиттина, амма тIе ца кхеташ, къелхьара ваьлла Хазбиев, цо ша дийцарехь.
Де хьалха рузбане веъначохь цомгуш а хилла, Соьлж-ГIаларчу дарбан цIийнахь де-буьйса а даьккхина, дIаваха новкъаваьлла хилла иза шена тIелатар деш. Зуламхой цкъачунна лецанза бу.