ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5400 гергга стаг вийна Донбассехь


Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро ал-Хьусайн Зейд РаIада шинарийдийнахь, Украинехь тIом бен агIонаш машаре а кхойкхуш, довзийтина Донбассехь беллачу нехан терахь – 5358 стаг.

Цо далочу тоьшаллаша гайтарехь, тIаьххьарчу кхаа кIиранах цигахь велларг 230-ттех стаг ву, лазийнарг – 550. Амма дараш кхин а лакхара хила тарло, боху ал-Хьусайн Зайда. Минскехь ах шо гергга хьалха бина барт кхочубаре кхойкху цо тIеман агIонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG