Карарчу хенахь ишколашкахь къахьоьгуш болу хьехархой, гезган машин бутт тIе а кхаьчна, дешаран шо дIадоладаларций, кIохцалш тIехь санна латтабо дешаран а,Iилманан а министараллин маьхькIамхоша а, Iедалдайша а.
Цкъа делахь, хIора а баттахь мосуьйттаза а зераш ду ишколашкахь дIахьуш, шолгIа, хьехархой декхарийла беш бу массо буьрканех ловзарехь, Iедалдайша кест-кеста цхьаьнатухучу спортан къийсадаларшкахь хьовсархой хила а, субботникашкахь дакъалаца а, цирк-концерташка кхача а иш. кх. дIа а.
Хьехархоша даре дарца, цIийнах хьовса санна сих-сиха схьахIуттучу дешаран урхаллин говзанчийн шаьш бох-бохху кехаташ кечдина хилчахьана кIезиг бала кхочу берийн дешаран.
Тайп-тайпанчу кIоштарчу хьехархоша, вовшех дага а бевлла, цхьа барт бичха, билгалдоккху ишколашкахь зер-талламаш бар марсадаккхаро, кхерамаш тиссаро дешархой Iаморна хаза нехан санна эшам беш хилар. Шайн балхах а, шаьш ловчу халонех дуьйцуш ву масала Шелковск кIоштера нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Iалавди.
Iалавди: "Тахана хьехархойн хьелаш дика ду, белхан аьттонаш бу. Амма болх берашца бан безаш ма бу. Оцу берийн ойланаш дешар тIеерзор тIехь ю-кх хало. Стенна аьлчи массо дешархо оцу телпош тIе а бирзина леш бохку. Цу тIера ойла дешар тIеяккха гIерташ хало ю –кх тхойгахь".
Маршо Радио: Массара а билгалдоккху тахана хьаькамаша зераш деш,зераш деш амал-гIад дайина бохург?
Iалавди: "Иза чIогIа бух болуш хIума ду. Администрацин болх кехаташца бу. ДIагайта уьш хилчахьана хьо болх бийриг ву-кх. Кехаташ дика хилчахьана… И ду-кх и. Ца динарг, ца гинарг, ткъа динарг-яздинарг. И ю-кх принцип»
Бирлант Соьлжа гIалин Старопромысал кIоштан цхьана ишколехь юьхьанцарчу классан хьехарх ю. И ю дуьйцуш, коьртачех коьртаниг кехаташ кечдар долуш санна,шайна маьхькIамхоша бечу тIеIаткъамах.
Бирлант: « Кехаташ беш болу болх-м бан безаш ду, хьайн бераш Iамадаран болх а битина. ХIара комиссии йогIу, и комисси йогIу. Парламент йогIу,министаралла йогIу. И зераш дан богIучарна болх беш ду-кх тхо,царна дIагайта кехаташ кечдеш.
ГIо дан, цакхетарг гайта,довзийта вогIуш стагга-м вац. Цу тIе тхо ца а дуьгуш меттигаш а яц футболе биста кхаччалц. Хьо ца водахь хьайн мета кхин вахийта веза. ХIора шарна а и дIасахьежораш алсамдолуш ду».
Шовзткъа шо гергга хан Соьлжа гIалин кIоштера Аминат хьехархо йолу. Цо кхеторехь кху тIаьхьарчу шерашкахь ишколашкара хьала, цхьа леррина галдоккхуш дацахь,толуш ду бохург бакъ дац. Тхойшиннан къамел а доладелира мацах яхана хан карла а йоккхуш,цу хенаца дустарца масалш а далош.
Аминат: «ХIинца дерг 40 шо хьалха-м дацара. Хьайн план а язйина дIавахча тийна-таьIIа шен болх бора-кх хьехарчо. Iамор а, бераша дIалоцург а гIолехь дара. Дан а дар-кх. ХIинца шадерг а и кехаташ ду-кх. Хьан урокан боцург шаберг бала а бу цаьргахь.
Цо урокера а,сийна цIе ели олий, вадавой хьо мичхьа дIа а вуьгу. Хьалха и бераш а паргIат дара,паргIат болх а бора ахь, кхетар церан дика а дара,гIийла валлахь а стаг… ХIинца церан и кехатийн гIуллакх а сихделла,хан а сихъелла,амма кхетар ледара ду».
Маршо Радио: Хьехархоша зераш деш болх бан ца дуьту бохург мел бух болуш ду?
Аминат: "Бакъду-кх иза. ХIинца-тIаккха комисси йогIу бохуш са мере хьалакхачадо-кх цара. Са сиха до-кх. И вогIу ,хIара вогIу. Берийн хаарш кIаргдан леладо бохург валлай дац и бакъ. Лелош хилча ,хаарийн бала хилча, бераш хоьцций дIа а догIийтий тхо футболашка,концерташка стенна дуьгу ,лаахь а, ца лаахь а? Берийн бала хилча и дийр дуй? Дийр дац. ткъа вуьшта бала кхочуш санна кепаш лелайо».
Сан къамелаш мел хиллачу хьехархоша билгалдоккхура берийн Iилма Iамо лаам гомха хилар а, уьш дешарна кIаргбелла тIе ца берзийта Iалашо лаьцча санна, юх-юха «хIара кехат дуй,важа кехат дуй» бохуш, схьахIуьттучу маьхькIамхоша, балхана эшам а беш, ирхъохка кечдина латточех тера, шайн садаар а.