Украинерчу Донецкан а, Луганскан а къошташкара кхечу меттигашка дIабуьгуш, тIамах къелхьара бохуш бу бахархой. Украинан орцан министралло бечу хаамца, цо 5 эзар гергга стаг къелхьараваьккхина тIаьххьарчу итт дийнахь. Гуманитаран гIо а до министралло оцу къошташна.
ТIемаш совцаза бара Донбассехь дахначу дийнахь-буса а. Уггаре а эшна хьал лаьтта, хьалха а санна, Дебальцевохь. Украинан эскарерчу хьостанаша бечу хаамца, Iедалан ницкъаша вийна дийнахь-буса 50 гергга сепаратист.