Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш къиза ю аьлла дIахьедар дина Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана. Цу санкцеша Казахстанна а зе до аьлла хета Назарбаевна. Iедалан кхеташонехь вист хуьлуш Казахстанан куьйгалхочо ша тешна ву элира, Оьрсийчоь кхиаме экономкан кризисах хьалха ера хиларх.
Назарбаевс иштта кхайкхам бира шайн Коьртачу банке Казахстанан экономика долларх йозуш йолчура дIаяккха гIулчаш яха аьлла. Цо кхайкхам бира шайн бахархошка шайн долларш тенге-ахчанаш хийца аьлла. Казахстанан президентана хетарехь, Оьрсийчоьнан сом цIеххьана дайдаларо зе дина казахийн компанешна.
Хьалха Казахстано нисса дIа ца йинехь а критика йинера Москохна иза Украинехь хуьлчунна юкъа гIортарна, цу гIуллакхо вочу агIор тIеIаткъам бина Казахстанна а, кхин йолчу а Оьрсийчоьнца йохк-аэцар лелочу пачхьалкхашна аьлла.