ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал гулам бина Москох


Москох массех эзар стаг вара Украинехь шо хьалха бахархоша карчамбина шо кхачарца доьзначу гуламе веана. «Оха дицдийр дац! Оха могуьйтур дац!» аьлла дара Кремлехьа болчу нехан карара гатанаш. Iедална дуьхьал протесташ а латтийна, даржера эккхийра Украинан бахархоша хIетахьлера президент Янукович Виктор.

Таханлерчу мехкан куьйгалхочо Порошенкос Москох бехкейира, хIетахь Киеверчу Майдане ницкъаш а хьовсийра, цара протестхой бойуш дакъа а лецира, аьлла. Москох оцу бехкбаккхарх, иза дош доцу къамел – «ерунда» ду аьлла жоп делира.

Дахначу бIаьста дуьненан низам а дохош, Оьрсийчоьно шех дIатуьйхира Украинан дакъа ГIирма. Цул тIаьхьа оьрсашкахьа болчу сепаратисташа, Кремло тIекарло а еш, болийра хIинца а лаьтта тIом Донбассехь. Карарчу ханна вийна ларало 5400 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG