ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дагалаьцна вайнах бохийна де


1944-чу шарахь къам махках даккхар дагалаьцна ГIалгIайчохь. 71 шо хьалха Чиллан-беттан 23-чу дийнахь 650 эзар сов нохчий а, гIалгIай а махках ваьккхина дIахьажийра Казахстане а, Юккъерчу Азе а. Царах ах белира Сибреха дIабуьгуш а, шелонна а, мацалла а. 1957-чу шарахь дийна бисинчу нохчашна а, гIалгIашна а бакъо елира шайн махка юхаберза.

Нохчийчохь цу денна хьажийна цхьа а акци цахилла. Дагалецаман а, балабоьссина а де билгалдаккхара Нохчийчохь хIора шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь. Амма 2012-чу шарахь республикан Iедалан коьртехь волчу Кадыров Рамзана сацам бира и гIуллакх Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIататта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG