ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхо вийна Дагестанехь


Дагестанехь полицин постехь хиллачу тасадаларехь вийна цхьа полисхо. Кхин цхьаъ чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Шинарийн буса полицин белхахоша таллам бан сацийна хилла жима машен.

Цу чохь хиллачу кхаа стага, машенара охьа а воьссина, герз диттина Iедалан белхахошна. Царах шиъ вийна дуьхьал герз а тоьхна, кхозлагIчуьнан аьтто баьлла къелхаьравала. Иза лоьхуш арабевлла бу полицин белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG