ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин 3 эскархо вийна Донбассехь


Кхун тIаьхьарчу дийнахь-дусий Донбассехь леррина операци дIахьочу зонехь шайн 3 эскархо вийна аьлла дIахьедар дина цу операцин штабан векло Лысенко Андрейс. Лысенкос дийцарехь, сепаратисташа яккхийн тоьпаш йиттина Опытное а, Водяное а, Авдеевка а эвланийн йистошкахь йолчу Украинин эскархойн позицешна. Цул хьалха шина дийнахь цхьа а эскархо ца вийнера Украинин малхбалехь.

Украинин Iедалан векалша а, сператисташа а дIахьедарш до деза герзаш юхадохуш ду шаьш бохуш. Киево хаам бина, цу гIуллакхана тIехьовсуш ОБСЕ-н векалш бу аьлла. Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина нагахь сепаратисташа машаран барт кхочуш бар сацадахь Украинин эскархоша муьлххачу а хенахь юхаялор ю шайн тIеман техника аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG