Конституцица а, пачхьалкхехь лелачу низамашца а ца догIу полицино цхьаъ я массех стаг, нах, шеггара, шена йина дуьхьало а йоцуш байар. Амма Нохчийчохь иштаниг могIара хилам а хилла лела, хIинца йиттина Iели-Юьртара Афанасьев Кина вер а санна.
Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кIиранан хаттар. Шуна муха хета, хила йиш юй полицин карахь, шена йина дуьхьало а йоцуш, стаг кхеле а ца луш, вен бакъо? Я иза Нохчийчуьрчу гIоьртинчу хьелашкахь маго тарло низаман хьукматашна?
Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832
Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.
СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832
Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com