ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийний теша Немцов Борис нохчаша?


Оьрсийчоь --Москох Басманни кхеле валийна ву Немцов верна бехке хила тарлуш волу кхо нохчо, 8Заз2015
Оьрсийчоь --Москох Басманни кхеле валийна ву Немцов верна бехке хила тарлуш волу кхо нохчо, 8Заз2015

Оьрсийн политик-оппозиционер Немцов Борис вийначу сахьташкахь дуьйна а нохчий богура, и дуьненна а Iаьткъина зулам динарш нохчий ма хилахьара бохуш. Делахь а оцу тIе кхачош ду хилларг, тIаьххьарчу хаамашка ладоьгIча. Цо вуно чIогIа холча а хIиттабо пачхьалкхехь леларг дуьззина кхетош болу вайнах.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кIиранан хаттар. Шу теший, зуламхой нохчий бу бохучух? Хьенан лаам кхочушбеш вийна хила тарло Немцов Борис, иза вийнарш Нохчийчуьра схьабевлла нах бу бохург бакъ хилча а?

Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

XS
SM
MD
LG