ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма яккхар даздеш ю Кремл


Москох, Кремлан пенашна гергахь, «Вай цхьаьна ду» цIе а йолуш, гулам-концерт хIоттийна Iедалан, парламентан векалша а , «Антимайдан» шех олучу боламо а. Барам лерина бу Оьрсийчоьно ГIирма яьккхина шо кхачарна. Цигахь дакъалаьцна президента Путин Владимира.

Шо хьалха Путина ЦIечу Майданахь къамел деш элира: «ГIирма а, Севастополь а дIакхетта шайн мехкан бердех». Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Iедало Iуьналла а деш, хьовсийра гуламе дуккха а нах. «Керлачу Газето» бечу хаамца, Москох школийн директоршка кехаташ дахьийтина, 10-30 дешархо цига кхачо хIора а декхаре веш.

Иштта, гуламхой дIакхойкхуш хаамаш бара интернетехула баржийна а. Moskovski.ru сайто мах а лур бу бохура гуламе баьхкинчарна.

Кхо кIира хьалха политик Немцов Борис вийначу меттигна гена доццуш бу ГIирма яккхарна хьажийна гулам. Немцов вийначе ханна хIоттийна хIоллам гуламхоша бохорна кхоьруш, оппозицино дехна полицига и меттиг хане эцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG