ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьший нохчашна цIехьаберза сихбала?


МухIажир волучун чамда
МухIажир волучун чамда

Нохчийчохь гIаттамхойн а, цхьацца зуламаш динчу нехан а гергарчарна таIзарш ден мур марсабаларца, я кхечу экономикан, социалан эшамашца доьзна юха а совбовлуш бу даймохк буьтучу нехан могIарш. Оцу юккъехула гIаттадо махкахь Малхбале а, Малхбузе а дIабахана нах цIехьабирзича дика дара олий.

Дуьненаюкъарчу хьукматаша а, я шаьш бехачу мехкийн урхаллаша а, массо а бахархойх санна бен, шайх луш жоп а доцуш, Оьрсийчоьнал арахьа веха 300 000 гергга нохчо. Лаам бац церан гергарчу заманахь, даймахка юха а бирзина, бухарчу Нохчийчоьнан Iедална кIел совца. Амма тоаме дац къоман ламасташ шайлахь кхаба а, дебо а хьелаш уьш бехачу мехкашкахь а.

Цуьнца доьзнера Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, хIун дар тоьлу арахьарчу нохчашна: даймахка юхаберзар, шаьш бех-беххачохь къоман ламасташ чIагIден некъаш лахар я бухарчу къаьмнех сихха дIаэр? Иштта дара иза.

Украинера яздо тхан сайте Богдан Чеченский шех олучу Радион ладогIархочо.

«Европехь бехачу нохчашна юкъара барт бохо лерина болх ца беш хуьлийла дац Кремло. Цу тIехь къахьоьгуш хила тарло Кадыров Рамзан а, цуьнан го а.

Ичкерин дозанал арахь нисделлачу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад сийсазван гIерташ Европехь болучу нохчаша лелориг а тоьар ду, кхин хIумма ца хилча а.

Стохка Европехь хилла со. Цигахь, дукха ца хиллехь а, цхацца кегийрахошца цхьаьнакхетарш хилла сан. Цара схьадуьйцург цхьаъ дара: Закаев Ахьмад ингалсхошна вохкавелла, вайн халкъ кхин цкъа а метта ца хIоттийта араваьлла стаг ву, аьлла хеташ бара уьш.

Дукха шера гуш дара, цхьана пропогандина къеллахь уьш хилар. Шайга оха леррина ла а доьгIна, тхаьшна хетарг дIахаийтича, уьш кхийтира, шаьш нийса боцийла.

Шу радионехула кеста-кеста хеза Европехь бехачу нохчаша шайн цхьаццанхьа вовшахкхетар хилча, политика ца хьехайо шаьш олуш. И нийса дац. ТIоьхула-тIе, ца хьехийча и вайна массара эьшам хилла дIа хIуттур а ду.

Дала боху вайга, шаьш вовшахкхеттачу хенахь уггаре хьалха Ша хьаха ве, тъаккха дуьненан къамел де. ДIасакъаьстачу хенахь, Ша а хьахавай, дIасакъаста.

Боккхучу балехь ду вай къам. Муха Iийр ву, хьекъалехь а волуш, кхетам а болуш волу ши нохчо вовшахкхеттачу хенахь шайн къомана тIехь лаьтта бала ца хьахош. И вай массеран а болу бала дIа а теттина, уьш стенах къамел дан бохку?

"ХIун дан деза дозанал арахьарчу нохчаша?" - аьлла аш хIоттиначу хаттарна цхьа жоп ду, цхьаъ хилла дIахIитта деза. Вай къомах а волуш, кхечу къаьмнаша лоруш а волу вешан лидер лара веза.

Къомо ловш болу бала къайлабаха ца буьтуш, массо дуьненна дIахоуьтуш хила беза. Дозанал арахьа бехачу нохчийн алсам бу и аьтто. Дан дезаш-м арахь а, цIахь а гIуллукхаш дуккха дара вайн. Массо хIуманалл а коьрта дерг, вай даимма ойла я езаш дерг цхьаъ ду - КЪАМ МАЬРШАДОЛУ НЕКЪ.

Нохчийчуьра Маршо Радионе дозанал арахьарчу нохчийн хьокъехь телефонан зIенехула хетарг аьллачех ву Рамзан. Цунна иштта хета.

Мухха а делахь а, "шен цIа - цIен цIа" бохучу тIехь ю Зулпаъ. Цунна массо а нохчо шен цIахь, даймахкана пайде а волуш, ваха веза, цигахь мел хала делахь а аьлла хета. ЦIерабевлла нохчий къомах хаьдда нах бу боху цо.

Тахана Нохчийчоь маьрша яц цхьана а дахаран агIонна. Цундела ша ца кхойкху боху дозанал арахьара нохчий даймахка юхаберзаре шен Маршо Радиоца хиллачу къамелехь Луизас.

Iилманча ву Iиса. Цо шена хета некъаш бовзуьйту дозанал арахьарчу нохчашна нохчаллехь биса. Амма цIехьа гIерта цкъачунна хьашт дац, боху цо.

Кхоже а хIоттийра Маршо Радионо шен хаттар. ХIун некъ бу Европерчу нохчашна гIолехьа, сихха цIехьаберзар я сих цабалар, аьлла дара иза.

25 проценто Малхбалерчу а, Малхбузерчу а нохчашна цIехьаберзар тоьлу боху.

15 процентна хетарехь, хьашт дац цIехьа гIерта.

Бухарчу нахах дIаэбала беза аьлла цхьанненна а ца хета.

Цхьа а хьехам а бац шен бан боху 5 проценто.

Бухабисинчу 55 процент нахана хетарехь, дозанал арахьара нохчийн шаьш боллучохь совца беза, циггахь шайгара нохчалла ца дожийта гIайгIа а беш.

XS
SM
MD
LG