Минскехь Украинера машар буьйцуш тIеэцна барт буьззина кхочушбаллалц Оьрсийчоьнан компанешна дуьхьалтоьхна санкцеш юхайохийла дац, аьлла дара Брюсселерчу саммитехь еарийдийнан сарахь Европан Бертан куьйгалхоша дина дIахьедар.
Иза сацаме диллина шаьш, аьлла дIакхайкхийра Европан Кеташонан куьйгалхочо Туск Дональда. Эшахь кхидIа а оьцур бу тIе и тайпа сацамаш, бохура цо. Санкцеш кхин а чIагIъяла тарло бохург дара иза.
Карара шо дерззалц муххале а лаьттар ю энергетикан, финансийн, тIеман гIирс бечу а Оьрсийчоьнан системашна тоьхна санкцеш. Амма санкцеш юхаяха некъ а буьту Европан куьйгалхоша, нагахь санна Украинан малхбалерчу кIошташкара хьал тоделла меттиг ягIахь.