ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн таронийн деклараци ца гайтина Нохчийчоьнан депутаташа


Нохчийчоьнан парламентерчу цхьана а депутато ца гайтина халкъана 2013-чу шарахь шаьш эцначу ахчан барамаш, хаамбина коррупцина дуьхьалояр тергонехь латточу Транспаренси Интернешенал юкъаралло. Шен хьолах лаьцна деклараци Iораяккха декхаре ву Оьрсийчохь хIора а хьаькам.

Амма Нохчийчохь и стенна ца дина аьлла шега динчу хаттарна дуьхьал Нохчийчоьнан парламентан спикера Абдурахманов Дукхвахас жоп делла, шен «Ельцина а, Грачевс а махкахь тIом болош банк а яра, долахь 14 цIа а, дуккха а петарш а яра. И дерриг тIамо дIадаьхьира. Тхо массарел а чIогIа низам лардийраш ду Оьрсийчохь», - аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG