WhatsApp – ах пайда а оьцуш, экстремистийн материалаш яржорна жоьпе озийна Нохчийчохь 22 шо долу меттигера вахархо. Иза ву Керла-Юртара Салжиев Iумар. Талламхоша чIагIдарехь, мобилан телефонехула цхьацца йозанаш даржош хилла цо буьйсинна, буса ша гучувера вац моьттуш. Цара дийцарехь, Салжиев къера хилла и зулам дарна.