ГУЛАГ-ан историна хьажийна Оьрсийчохь цхьаъ бен йоцу "Пермь-36" музей дIакъовлуш ю Iедалша. Царна цатайна цо Сталинан заманахь лелийначу къизаллех лаьцна дуьйцуш хилар.
Сталинан заманахь лелийна къизаллаш гойту Пермь−36 музей дIакъовлуш ю Iедалша
13
Сталина кхоьллинчу репрессиван машенах лаьцна дуьйцуш йолу "Пермь-36" цIе йолу музей гучура дIаяла мегаш ю, амма эзарнаш бехк боцу нах хьийзийна волу Сталин юха а сий долу турпалхо хуьлуш ву Оьрсийчохь.