ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенкос дIаваьккхина Коломойский


Украинин президенто Порошенко Петрос Днепропетроск областан куьйгалхочуьнан даржера дIаваьккхина Коломойский Игорь. Цу хьокъехь указ арахецна Порошенкос Шинарин сарахь, Коломойскийца ша цхьаьнакхеттачул тIаьхьа. Днепропетровск областан администрацин куьйгалхочуьнан дарже хIоттийна цхьана ханна Резниченко Валентин.

«Приват» олу индустрин а, финаyсийн а тоба кхоьллина волу бизнесхо Коломойский Игор цу дарже хIоттийнера 2014-чу шеран Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь, президент Янукович Виктор даржера вохийна масийтта де далале.

Иза куьйгалхо а волуш, област кIелхьара елира даккхийн къепедацарш цахуьлуш. Ткъа Донбассехь конфликт йолаелча Коломойскийс кхоьллина «Днепр» а, «Донбасс» а батальонаш жигара дакъалоцуш яра оьрсашкахьара болчу сепаратисташца хиллачу тIемашкахь.

Амма Коломойскийн а, Украинин Iедалийн а юкъаметтигаш телхира даханчу кIиранах, цу стага «Укрнафта» компанин офис дIалаьцначул тIаьхьа. Цхьаболчу хаамашца, Украинин Къоман гварди хьажийна Днепропетровске цу регионан куьйгалхо дIаваьккхинчул тIаьхьа цигахь къепедацарш хилахь а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG