ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламаш беш бу оьрсийн националистийн хIусамашкахь


Москох оьрсийн националистийн Дёмушкин Дмитрийн а, Тор Владимиран а, церан накъостийн а петаршкахь талламаш дIахьош бу Талламан комитетан белхахой. «Медиазона» цIе йолчу интернет агенталло бинчу хаамца, иза доьзна ду стохка Лахьан-беттан 4-чу дийнахь хиллачу «Оьрсийн маршаца».

Талламаш дIахьош бу къаьмнашна юкъахь цабезаш кхолларца доьзначу бехк-такхаман гIуллакхехула. Талламхоша дийцарехь, цу акцин декъашхоша маьхьарий диттинера бусулба нахе хьагI-гамо кхуллуш. ХIусамехь талламаш бар чекхдаьлча Тор Владимир леван дIавьугур волуш ву талламан урхалле. Цуьнах лаьцна хаам бина цуьнан адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG