Ша гулбина бахам тIейогIучу хенахь адамашна гIо-накъосталла деш байа дагахь ву ша аьлла дIахьедар дина Apple корпорацин куьйгалхочо Кук Тима. Уггаре кхиаме йолчу цу компанин инарлан директоран бахаман мах бу 800 сов миллион доллар.
10 шо долу шен вешин кIанте колледжехь дешийта ахча дайинчул тIаьхьа дисина долу шен миллионаш дикачунна дайа дIалур ду ша аьлла Кука Fortune Magazine журналана интервью луш.