ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а алсам нах байина Шемахь


«Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIеман тобанаша лаххара а 30 стаг вийна ХIама гIалина гена йоцчу Мабойа юьртахь. И хаам баржийна шинарийдийнахь Британехь куп тоьхначу шемахойн монитораша. Бакъоларъярхойн куьйгалхочо Сайд Рахьман Рамис дийцарехь, зударий а, бераш а дагийна, кортош баьхна цхьаболучийн.

Цо бахарехь, байинчаралахь бу алавиташ а, исмайлиташ а, иштта суннатой а. Изза хаам баржийна Шемин пачхьалкхан телевизионо а, амма ца довзийтина беллачийн терахь. ХIомс мохк Алеппо гIаланах дIатухучу стратегикаллин некъа тIехь Iуьллу жихIадхоша зулам дина Мабойа юьрт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG