ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх эскархо вийна Украинехь


Лаххара а 6 Украинин эскархо вийна, 12-нна чевнаш йина кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий Донбассехь. Цунах лаьцна хаам бина цигахь тIеман операци дIахьочу Украинин тIеман штабан векло Лысенко Андрейс.

Цо дийцарехь, жигара герзаш деттар хилла Мариупол гIалана лулахь йолчу Широкино а, Павлопол а эвланашна гонаха а, Донецкерчу аэропортана гонаха а.

Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаш чIагIдарехь, Широкино эвлахь гранати тIехь иккхина «Звезда» телеканалан корреспондент Лунев Андрей. Еза чевнаш а йина иза дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG