ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пекино Исламабадца бинчу бертан мах 46 миллиард бу


Китайно даима а до Пакистанна гIо, цунна эшначу хенахь, китайхой пакистанхошца бу массо а хенахь, аьлла Китайн куьйгалхочо Си Цзинпина. Пакистанан парламентна лерина шинарийдийнахь Исламабадерчу телевизионехула къамел деш цо билгалдаьккхира, Къилба Азехь Пакистан шайн уггаре беза мохк бу, аьлла.

Кхерамзалла юьйцуш, геннара Пакистанера тIалибаш а хьахош, Цзинпина бохура, кхузара конфликт Китайн лазам бу, шаьш ца дицдо Пакистано Китайн малхбалера доза шен ницкъашца чIагIдеш хилар. Шина денна веъна ву Си Цзинпин Пакистане. 46 миллиард мах болу барт язбина цо а, Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза а юкъара бахам дебо Iалашо йолуш. Къаьсттина боккха меттиг дIалоцу бертан декъахь энергетикан проекташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG