ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гергакхочуш ду нохчийн мотт хьехабен де


Нохчийн меттан де
Нохчийн меттан де

Вайнехан гIиллакхех, оьздангаллах, Iадатех дийцар марса мел долу а, нохчийн меттан бала кхачар, цунах пайдаэцар лахлуш догIий-те махкахь, аьлла сурт ду тахана тергаллург. Оцу хьолана даредо цхьамогIа говзанчаша а.

Вайнехан гIиллакхех, оьздангаллах, Iадатех дийцар марса мел долу а, нохчийн меттан бала кхачар, цунах пайдаэцар лахлуш догIий-те махкахь, аьлла сурт ду тахана тергаллург. Оцу хьолана даредо цхьамогIа говзанчаша а.

Эзар исс бIе ткъе кхоалгIачу шеран Охан-беттан 23 –чу дийнахь, латийнийн элпашца, нохчийн маттахь дуьххьала арадаьлла «Серло» газет. Юьхьанца и де кхайкхийнера Нохчийн меттан де, даздийриг а дара и де.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Ненан меттан де аьлла билгалдоккхург 25-гIа де ду. Бакъду и де кхайкхийнера аьлла нохчийн маттана хуьлуш гIо дац, цу денна лерина Iедалдайша цхьа могIа совгIаташ декъар доцург.

Оханан бутт тIехтиларций къацахетаршна буьсуш бу ненан мотт и гIатто, бацо саготта стагга а воцуш. Иза пачхьалкхан мотт аьлла кхайкхийна белахь а Iедалдайша а, церан лаам-пурбанца хаамийн гIирсаша а шуьйра пайдаоьцург оьрсийн мотт бу.

Нохчийн мотт исбаьхьаллин дош лепочу Абдулаев Лечас ма-аллара «биллина» Iуьллуш бу. И дош а, кIорге а хеташ, 150 шо хьалха нохчийн маттатIехь болх бинчу инарла-Iилманчас Услара Петара аьлла: « Нохчийн мотт чIогIа къен хетар даржош берш цунах цхьана кепара кхеташ боцу нах бу, мелхо а, и мотт шен гIоьнца ойланан уггар а кIоргера агIонаш а йийцалур йолуш чIогIа хьалдолуш бу».

Массо тIегIан маьхькIамхоша, и ца хилча амал дац, къомах къам дийриг мотт бу бохуш, кхайкхош цунах йозаелла мехаллаш елахь а, дезар а дина, юьхьарлоцуш бац, совгIат а дина Дала къомана белла ненан мотт. Ненан мотт хаар перза а хилла, хIора нохчочун дагчу дижина хIума хила дезар чIагIдо ур-аттал Iеламнаха а.

Бакъду, мотт, бала кхочург валаре сатуьйсуш, Iуьллуш бу…

Масех шераш хилла ца Iа, хийцаме долуш хIума а доцуш, орцане мохь бетташ ненан маттана саготта цхьаболу Iилманчаш, яздархой, хьехархой хьийза.

Царех ву къоман исбаьхьаллин литературан а, меттан а говзанча, республикан хьакъволу хьехархо Сумбулатов Дени. Цо нохчийн маттах доглозуш йина лазаме ойланаш ялайо ас: «Iилманчаша далхорах, телерадиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахар-Iерехь хьашт ца хилахь. Халкъана шен алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт пачхьалкхан тIегIанахь дIахIоттабахь.

Массо низам санна, нохчийн меттан хьокъехь долу низам а ду,тIехь терго а латтош,кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а ишколехь дайн-нанойн гуламехь нохчийн мотт хезаш бац... ТIаккха иза башха къоман меттан сийдар хуьлий? Мотт хаар ,вовшашка урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт хаар - халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь,оьшучохь кица далош, дустар далош, нохчийн меттан мукъамехь къамел дан хаар ду.

Нохчийн меттан бен боцчу мукъамехь. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна ладугIу наха. Ишта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт, нохчийн мотт бу, бийца а, хьеха а безарг берийн бошмашкахь, ишколашкахь, хьуьжаршкахь, светски, исламан а университеташкахь. Дешнаша ,предложенеш а Iамийна ца Iаш, дешархойн сих бозабалийта беза халкъан мотт»…

Ненан меттан хазаллех мехаллех цу кеппара Сумбулатов Денис санна яздийраш, дуьйцурш масех хилла ца Iа. Нохчийн матто тахана лов гIело йийца хIуьттурш ма луъу дукха бацахь а, цунна сагатдийраш кIезиг бац. Амма мотт дIаIуьллуш бу, шарахь цкъа бен ша тидам-тергоне цаэцарх бола а боьлла.

Нохчийн маттах, къомана и баларна Далла хастамаш беш, дозаллица.кураллица дийцина вайнехан бу мел бохучу яздархоша, байтанчаша. Дийцинехь а, пачхьалкхан мотт кхайкхийнехь а, иза боберах тарбелла дIа Iуьллуш бу, шо-шаре мел долу, шех пайдаоьцучийн могIарш лилха а довлуш.

XS
SM
MD
LG