ГIиргIазойчоьнан премьер-министра Оторбаев Жоомарта ша дарж дуьту аьлла дIахьедина. Шо хьалха оцу дарже веъначу Оторбаевс еарийдийнахь парламентехь и хаам беш элира, Iедалехь Iан монополи хуьлийла дац цхьаьннан а, нагахь мохк демократехь дIагIерташ белахь. Оцу юкъанна ГIиргIазойчохь лела пачхьалкхехь уггаре йоккхачу «Кумор-Голд компани» олучу дешийдоккхийлина гонах деношкахь иккхина скандал.
Оцу компанин кхоалгIа дакъа бен дац гIиргIазойн долахь, ткъа Канадерчу Центерра Голд компанин карахь ду важа доккхах дакъа. Ши кIира хьалха протесте а ваьлла, директорийн кхеташона юкъа канадахой оьцийла дац, аьлла, даржера дIавелира ГIиргIазойн дешех урхалла дечу ГIыргIыз-Алтын урхаллан коьртехь Iийна Мамытов Токон. Иштта, пачхьалкхана оппозицехь йолу партеш а лаьтта махкахь деши доккху меттигаш халкъан долахь хила еза бохучуннна тIехь.