ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белуджистанера бакъоларъярхо йийна


Пакистанерчу Карачи гIалахь тIехйолучу машенчуьра герз тоьхна йийна пIераскан буса махкахь евзаш хилла бакъоларъярхо Махьмуд Сабин, ткъа лазийна цуьнца хилла цуьнан нана. Бехк шена тIе ца эцна цхьаммо а. Адамашна сагIа доькъучу юкъараллехь лор йолчу Махьмуд Сабинина дукхазза а тийсина хилла ен кхерамаш.

Ша еле сахьташ хьалха цо къамел дина Белуджистанехь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна Карачичуьрчу цхьана кафечохь. Лахорерчу университетехь дан дезаш хилла къамел Iедало ца дайтарна хIоттийна хилла бакъоларъярхоша шайн гулам кафечохь а, хаам бо зорбано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG