ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кундузехь вовшахлеташ бу овхIанхой


ОвхIанистанан Iедало бечу хаамца, мехкан къилбаседанехьа йолчу Кундузехь луьра тIом бу боьдуш пачхьалкхан ницкъашний, тIалибашний юкъахь. Полицин дакъошна а, эскарийн ханашна а тIелеттачу тIалибийн карахь ю ах гергга Кундуз провинци, хаамаш бо ОвхIанистанан Iедалан векалша.

Гарехь, тIемалоша хийцина шайн тактика, пачхьалкхан къилбехь тохарш дечу меттана, тидаме эцна къилбаседане, пхеа къоштахь 3 эзар гергга тIалиб ву тIом беш, элира Маршо Радион туркменийн маттахь долчу декъе Кундузан губернатора Сафи Омера. ТIемашца Кундуз гIалина чубаржа дагахь бу тIалибаш, бохура Омеран пресс-гIоьнчас Базел Васехьа. Цо бинчу хаамца, къамелдечу хенахь вийнийла хууш дара 8 Iедалан эскархой, ткъеха тIалиббий.

«Кхерам боккха бу, тхуна гIо а ду тIекхочуш» - бохура Базела.

XS
SM
MD
LG