ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохкбегийна пхи де даьлча дийна карийна


Непалехь мохкбегийна пхи де даьлча, Катмандухь херцаршна юкъара хьалаваьлла цхьа жима стаг. Эй-Эф-Пи агенталло бахарехь, 15 шо долу жимха висина хилла доьхначу ХIилтон Пансион цIе йолчу цIенна бухахь. Ткъа Эй-Пино цуьнан цIе йоккху Тамангон Пемба, цуьнан 18 шо ду боху оцу агенталло. Нах кIелхьарабохучу тобан хьалханчас Ольвер Андрейс дийцира, кIант чухаьрцинчу шина гIатан есалличу воьжна дийна висина, аьлла. Непалехь мохкбегош баьллачу бохамо дIадаьхьна 5000 стеган дахар, лазийна ву 11440 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG