ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанашна тIелатар дан кечлуш йолу зуламхойн тоба лаьцна Германехь


Бусулба нахана а, мухIажирашна а тIелатарш дан кечлуш хилла виъ стаг лаьцна Германин полицино. Прокурораша дийцарехь, кхо борша стаг а, цхьа зуда а бехке деш ду ултранационалистийн ойланаш йолу тоба вовшахтохарна а, адамашна тIелатарш дан бомбанаш ярна а.

Талламхошна хетарехь, «Шира школийн юкъаралла» цIе йолу и тоба дагахь хилла маьждигашна а, политикан тховкъело лоьхуш болу нах бехачу хIусамашана а тIелатарш дан. Зуламаш дан кечбелла хилла и нах лецна Германехь леррина рейдаш дIахьош. Цу операцехь дакъалоцуш хилла 250 полицин белхахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG