ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Армата" танк дIаяйна Мавзолейна хьалха


Москох ЦIен майданехь эскарш толаман денна хьажийначу парадана кечлуш дIаяйна керлачу тIегIанера ю аьлла араяьккхина «Армата» цIе йолу танк. Цунах лаьцна хаам бина цигахь хиллачу журналисташа. Танк сецна нисса Мавзолейна хьалха. Цул тIаьхьа иза дIатакхо цунна тIе яхана леррина техника. Амма танк дIа а ца такхош латтийна, кечам бар чекхдаллалц.

ЦIечу майданана го бина лаьтта эскаршхой дIабахча танкана уллехь сурташ даха хIиттина майданехь хилла хьовсархой. Эхаре а цуьнан аьтто баьлла хьала а летта шен ницкъаца дIаяха.

«Армата» олу танк уггаре а керла танк ю Оьрсийчохь йина йолу. ТIеман министралло кху беттан 4-чу дийнахь дуьххьара гайтира цуьнан сурт, тIе тесна телат а доцуш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG