ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Консерваторш тоьлла Британехь хиллачу парламентан харжамашкахь


Британехь хиллачу парламентан харжамашкахь толам баьккхина Консерваторийн партино. ТIаьххьара болчу хаамашца, цу партин векалша 650 парламентехь йолчу меттигах дIалаьцна лаххара а 330 меттиг. Цу харжамашкахь консерваторшца къуьйсурш бара лейбористаш. Церан цIарах парламенте хаьржина 232 депутат.
Цул тIаьхьа Лейбористийн партин хьалханча Милибэнд Эд дIаваьлла партин коьртера. Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида дIахьедар дина, гергарчу шерашкахь Британи Евробертана юкъахь йисарх лаьцна референдум хир ю махкахь аьлла.
ПIераскан дийнахь Кэмерон цхьаьнакхийтира Британин паччахьца Элизабет ШолгIачуьнца. Цул тIаьхьа цо дIахьедар дина, кхечу партешца коалици а ца еш, министрийн кабинет кхолла дагахь ду шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG