Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а дипломатийн хьукматаша бечу хаамца, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон цхьаьнакхетар ву президентца Путин Владимирца Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь Украинера, Шемара, Йеменера тIеман конфликташ йийцаре ян. Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара Харф Марис бахарехь, Сочехь хуьлучу оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцур ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс а.
РИА-Новости агенталло Кремлерчу хьостанна тIе а тевжаш хаамбира, Оьрсийчоьно догдоху Украинера конфликт ерзон оьшу хьелаш пайда хуьлучу агIор Iамеркаца йийцаре шен хиларх аьлла. Германино а, Францино юкъарло а деш, бахначу беттанашкахь Малхбале шен Москох хиллачу дийцаршкахь гIиртина Оьрсийчоьне Донбассерчу сепаратисташна герзаш ца латтадайта.
Амма Кремл къера ца хилла ша Донбассерчу оьрсашна тIекарлонаш йо бохучуьнца. Кремло Керрица хила деза къамел мехала шена ларахь а, цо тIех боккха пайда бохьур болуш санна а ца лору, боху Оьрсийчуьрчу зорбано. Шен агIор Кремл дагахь ю Iамерко Украине герзаш хьийсор нийса доцийла Керрина хаийта, боху РИА-Новости агенталло Кремлерчу хьостанашна тIе а тевжаш.