ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло миллион доллара дайина Донбассерчу сепаратисташна


Оьрсийчуьрчу оппозицин жигархоша йинчу чоьтаца а догIуш, Кремло цхьа миллиард долларал совъоьккхуш ахча дайина Донбассерчу сепаратисташна уьш цара Украинан Iедалца бечу тIемашкахь чIагIбеш. Лаххара 220 Оьрсийчуьра эскархо а вийна цигахь, оппозицино бахарехь. И терахьаш даладо «Путинан тIом» аьлла йолчу шайн рапортехь ши бутт хьалха Москох вийначу политикан Немцов Борисан гоно.

Немцовс ша велле хIоттон долийна рапорт ду цуьнан накъосташа арахецнарг. Цуьнан зорбанедалар нисло Украинера кризис президентца Путин Владимирца йийцаре ян Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар веъначу юкъанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG